Текст песни Малика Кавраева - Безам

I. Дукха хан яьллера, суна хьо везна
Хьоь болу сай безам, ас дагчохь къуьйлу
Яйнера мерза наб, байнера синтем
Дог дара диллина, безамах хьоьгуш ( 2 раза )

II. Ахь лехахь куц хаза, дац иза соьца
Яц соьца куралла, кочалла яц соьца
Сан дог къайлехь ду, им хьуна довзац
Амма хьо тешалахь, дац иза деса ( 2 раза )

III. Кхетац хьо, кхетац хьо, сан дагахь долчух
Ян теша даггара дуьйцучух хьайга
Ницкъ белар дависарг,кийра д1абелла
Хьо везаш догу дог, хьоьги д1агайта ( 2 раза )